ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рахьами толлуш ву ФБР-о


Нью-Йоркехь, Нью-Джерсехь талораш дарна шеконца лаьцначу Рахьами Ахьмадна бехкедуьллу бакъо йоцуш герзах пайдаэцар, адамаш лелачу меттигашкахь лелхийтарш дар. Кхело бехк тIечIагIбахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхо кхерам бу цунна. Изза бехкаш дохку Рахьамина Нью-Йоркан, Нью-Джерсин федералан прокурораша а, цо цигахь шиъ герз эккхийтарна. Шоьтадийнахь Манхэттенехь Рахьамис динчу эккхийтрашкахь лазийна 29 стаг.

Цо диллина кхи а 8 оккхуьйту герз гучудаьллера полисхошна кеп-кепарчу меттигашкахь. Полисхойн хаамашца, хиллачу тасадаларшкахь лазийна дарбан цIийнехь Iуьллу Рахьами дуьхьал ву талламчашца къамелдан. Амма билгалдаьлла, ши шо хьалха дас нахана а хезаш шен кIант «террорист ву» аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа, ФБР-о кхоччуш таллам бича, маьIна ца карийна хилар.

Цкъачунна дуьненаюкъарчу террорхошца Рахьамин зIенаш хилар къастийна дац, амма цуьнца шеца карийна дуккха а джихIадах, Бостонерчу марафонехь динчу террорах, Бен-Ладен Iусамех йозанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG