ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кхидIа а лан еза санкцеш, гарехь


Европа кхидIа а бийр бу дипломатин агIор тIеIаткъамаш Шемара конфликт марсайохучу пачхьалкхашна, дIахьедина Брюсселерчу саммитехь Евробертан кхеташонан лидеро Туск Доналда. Германин канцлеро Меркел Ангелас, Оьрсийчоьннан Шема бахьанехь лан еза тарло санкцин керла кепаш а, аьлла.

Хьалхо Reuters агенталло, дипломатин хьостанашна тIе а тевжаш, хаам бира ЕвроБертан декъашхой кийча бу Москохна тоьхна лела санцкцеш кхин а эха шарна дIаяхъян, аьлла. Юьхьанца Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш карара шо дерззалц лаьттар ю. Украинера конфликт ерзорехьа Минскехь бина барт Кремло бохор дара санкцийн бахьана.

Еарийдийнахь Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а векалш бара Лондонехь цигарчу арахьарчу гIуллакхийн министро шена тIекхайкхина. Шина а пачхьалкхо талхийна дуьненаюкъара гуманитаран низам Шемарчу Алеппохь бала хьоьгучу маьршачу нахана тIе гIо ца кхачадайтарца, дIахьедина Джонсон Бориса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG