ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 эзар евро кхайкхийна Берлинехь зулам динчух


Берлинехь Керлачу шарна хIоттийначу базарахь гулделлачу адамашна тIе кир кхоьхьу машен хехкарна бехкевен, Тунисера схьаваьлла Амри Анис вийна Миланан полицино аьлла. хаам баржийна. Италин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Минните Маркос чIагIбина и хаам. Кехаташка хьовсуш ша сацийначу полисхошна тIе герз детта волавеллча вийна Амри.

Оцу кхийсаршкахь лазийна цхьа полисхо а. Германин Iедалша зIе тесна Италин Iедалца хилларг толлуш. Пресс-конференцехь Германино тIе ца чIагIдина вийнарг баккъал Амри хилар. Муха аьтто хилла цуьнан, дуьхьало а йоцуш, немцойн дозанех чекхвала, аьлла, журналисташа деллачу хаттарна, дала жоп ца карийна Iедалан векалшна.

Амрис динчу зуламехь вийна 12 стаг, 48 чевнаш йина. Оцу меттехь лаца ка ца яьлла полицин Амри, кхоалгIа де ду иза лехамашкахь волу.

100 эзар евро кхайкхийна Германин полицино зуламхочух айкхалла динчунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG