ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькамна совгIат муха ца до?!


Керлачу шарца доьзна даздарш бахьанехь совгIаташ далар а, схьаэцар а дихкина Нохчийчуьрчу цхьана министараллехь.

Хьекъалан кIорге йоьлчуьнга бен атта кхета а лур дуй те аьлла а хеталуш, цхьаболчарна беламе а, кхечарна бегаше бух-чулацам а хеталуш, тамаше сацам тIеэцна къоман политикан, арахьарчу уьйрийн, зорбанан, хаамийн министараллин куьйгалло.

Цо тIеэцна юккъерчу барамехь ишта маьIна долу сацам.

"Керлачу шеран а, Iийса пайхамар винчу дийнан сий-лерамна а хьашленаш, даздарш дIахьуш министаралло дагадоуьйту совгIаташ дала а, схьаэца а дихкина хилар».

МаьхькIамхоша карладаккхарца коррупцина дуьхьал къийсам баллорна тIехьажийначу низамехь билгалдаьккхина ду совгIаташа далар мегаш цахилар.

Цхьаболчарна хетарехь къоман политикан, зорбанан хаамийн министараллин «кхерчахь» кхоллабеллачу цу хьекъалечу сацамо юккъерчу тIегIан хьаькамийн дагалецам мелхо а «самсабоккху» и совгIаташ дан деза хан кхаьчний хоуьйтуш.

Кхечарна хетарехь «тхуна тхайн балха тIехь цхьа агIо а йиц ца елла, оха хIара а дIакхайкхийна, иза а дIааьлла» ала, Iорадаьккхина хIума ду совгIаташ дала мегар дац бохург.

Хьанна ца хаьа уьш дала мегар доций? Луш хилча а шакарца кхайкха а деш ло совгIаташ а, кхаьънаш а?

Ишта хеттаршка буьйлурш а бу. «Керла шо хуьлда иза, министар я цуьнан гIовс вина де хуьлда иза,вуно даккхий,деза совгIаташ оьций боьду тоттий.

И цхьа къайле а яц, мелхо а шатайпа ламаст ду кхузахь. И хуъчарна беламе ца хетча долий совгIаташ дан мегар дац аьлла, дина дIахьедар».

И къамел динарг ву социалан хьашт-дезарш луьстучу цхьана хьукхматера белхо.

Хьаькамашна, лаккхарчу даржашкахь гIуллакхехь болчарна и совгIаташ цакхачар халонга довлуш берш могIарерчу нахалахь банне бац.

Амма царна вуно чIогIа лазаме даллал новкъадогIу ишколашкахь доьшуш долчу берашна Советан Iедал долуш массарна а кхочуьйтуш хилла совгIаташ къедар.

Бахархошна кхета халаниг ду кхечу мехкашка бIеннаш тоннашкахь дIакхоьхьуьйтуш рицкъа а долуш кху чуьрчу берийн дегнаш эшадар. Ишколашкахь долчу хьолах,

Керлачу шеран совгIаташ берашна мича барамехь кхаьчна дуьйцуш бу Новр, Шелковск,Ножай юрт кIошташкара хьехархой.

Хьехархо: «СовгIаташ делла 4-чу классан дешархошна тIекхаччалц. Кхечарна ца делла. Стохка - м 1-чу классан дешархошна бен ца деллера».

Хьехархо: «4-чу классана тIе кхаччалц бен ца делла совгIаташ. Дера ца дела-кх! Хьехархошна ца делла, я церан берашна а ца делла».

Хьехархо: «Хьалхарчу классашна делла кхин ца делла. Хьалха лора хIинца-м ца ло. 80- тонн рицкъа Шема а хьажийча, кхечанхьа а дахьийтича ца тоьу хир ду-кх. 5-чу, 6-чу классера бераш хьежа а хьоьжуш Iа дезаш ду-кх».

Хьехархойн къамелашка ладоьгIча, кхераме ойла кхоллало къоман политикан, зорбанан, хаамийн министаралло ишколера бераш биста кхаччалц дихкина те совгIаташ далар?

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG