ТIекхочийла долу линкаш

Керла шо даздечу буса, маларх кхетта, сецийначу кегийрхойх цхьаберш хIинца а мукъабахаза бу.

Чекхдаьллачу шеран тIаьххьарчу ГIура-беттан юьххьехь дуьйна нажжаз деш, дийца даьккхина Нохчийчохь корта бахо малар.

Цунна наьIалт кхайкхочу боламна керла тIулгIе елларг дара, къаркъанах а кхетта, машенахь араваьллачу стага 8 стаг а вуьйш, бохаме некъахьовзам баккхар.

ХIетахь дуьйна, бухе диллина некъаш тIехь кхерамазалла хилийтар а долуш, долахоша шайн лаамехь «дIакъевлина» малар духку туьканаш, сецош, дIабуьгуш бу мелла арабевлларш а, низамхоша юьхьарлаьцна цаьрга юкъараллина пайдехьа белхаш дайтар а, телехьожийлехь бехкаш дохуш, чехош уьш гайтар а, ишта кх. дIа а.

Къаьсттина шовкъе хьийзина ницкъаллин структураш Керла шо герга кхаьчначу деношкахь. Маларш чу ца даийта дозанехь зераш диний бен чекх ца йийлийтина машенаш.

Федералан даккхий некъаш доцуш, ярташ юккъехула а тIехь буьйла а луш, лецна дIабигна маларх беттабелла бахархой. Царех цхьаберш, наха шаьш дийцарехь, хIинца а цIийнах кхетаза а бу.

Лецна дIабигначех а, карош воцчу 2-гIа совхоз олучу эвларчу вахархочух дуьйцуш ю 15 молсовхоз олучу юьртара яхархо ПетIимат.

ПетIимат: «2-чу оделенера цхьаъ хIинца а карош вац. Ломахь белхаш бойтуш, латтош бу бохучарлахь хиларе сатуьйсуш бара уьш. Цаьрца а вац боху. Муьйлуш лелаш хилла иза даима а. И воцург, тхан юьртара а вигина масийтта. Цхьаъ гергарчара схьаваьккхина. Токхам бина бохуш а дуьйцу. И воцург а, шиъ-кхоъ чохь валлош а ву».

Соьлж - ГIалин Старопромысал кIоштехь сацийна дIа а вигна, белхаш бойтуш, итт де чохь а такхийтина, схьаваийтина цхьа жима стаг.

Гергарчара дийцарехь, машен схьаелла а яц хIинца а. Цунах дуьйцуш йолчу Мошас чIагIдарца, мукъабаьхначарна дихкина ду, уьш лецна латторах а, машенаш схьаяхарх а дийца.

Моша: «Керла шо тIекхачале цIа вогIуш хилла иза. Жимма йий мелла хилла иза. Хьожа кхетта аьлла, дIавигна. Машен схьа а ца луш цкъа схьаваийтина, шолгIачу дийнахь тIаьхьа а баьхкина дIа а вигна, итт де даккхийтина. ХIун белхаш дайтина, дуьйцуш а дац. Машен схьаелла яц хIинца а».

Схьагучу суьртехь массо кIошташкахь дIадехьначух тера ду ницкъаллин структураша, мелла самукъадаьлла нах лохуш талларш дар.

ХIара масал Теркйист кIоштехь хилла ду. Шайн гергарчу стагах дуьйцуш ю Хатимат.

Хатимат: «Керла шо тIедогIучу буьйсанна тхан шича кIант а вигна полисхоша дIа. Валлай вуьгур вацара, къаркъа а мелла, ара ца ваьллехь. Мичахь ву хуъчух тера ду, амма гIарадаьккхина дийцар дихкинчух тера ду низамхоша.

Ишта кегийрхой лецна дIабигна дуккха а меттигаш ю. ГIалитIера а бигна. Нах ладегIамеххьа - м кхобу кхара. Оьрсийчоьнан регион ю бохуш а ю Нохчийчоь, амма кхара лелориг цхьана меттехь делахь, тамаш бу-кх».

Нохчийчохь дIадехьначу лецаршна нацкъар ца йисна ломара ярташ а. Дубин эвларчу вахархочо дийцарехь, маларх кхетта дукха бахархой сецийна Керла шо даздечу муьрехь Чирин юьртахь а, Жимачу АтагIахь а, Дубин эвлахь а.

Цунах дуьйцуш волчу Асланбека бахарехь, тIаьхьо дIабигначех цхьабоьлчаьрга, кху сохьта а, белхаш бойтуш бу.

Асланбек: «Машенна урхалла деш хилларш лецнера дуккха тхуна гонахьарчу ярташкара а. Тхо долчуьра дIабигначаьрга Курчалой, Гелдагана эвлашкахь белхаш дайтина, суна хууш».

Цхьаболчу хаамийн гIирсаша Iорадаккхарца, еккъа цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа, ца лаахь а лууш санна, ницкъала белхаш дайтар.

Масала, бехна машенаш хоьхку нах кхетош-кхио къинхьегам юьхьарлаьцна Вологда кIоштан Череповец гIалахь а.

Цигахь урамаш, некъаш цIанда гIуда тоьхна балха воьллина цхьанаметта 70 маларца.

Бакъду, цигахь Нохчийчохь санна, машенаш дIа йохуш, токхамаш бойтучух тера дац.

Кхолладеллачу хьолах ма-дарра аьлча, цхьаболчу бахархошна товш ду, мелла а болуш, машен хахка арабевллачарна «къихьегаман» таIзар дар.

Ишта хьажам болчех ю Iалхан - юьртара Совдат.

Совдат: «Мала а мелла, дIавигначуьнга болх байтарна дукха реза ю-кх со. Бацо-м муххале а безара уьш, хьала а ца тоIуьйтуш, бацо безара.

И мел чIогIа низамаца догIуш дацахь а, цаьрга къахьегийтарна тIетовчех ю-кх со. Кхин хIун дийр дара царна!? Цара бехк а, гуьнахь а доцуш хIаллакбечу мискачеран къа стенга даха деза?!»

Цхьаболчу тергамхоша тидаме эцарца, махкахь къаркъа а, кхидолу маларш а къе а дина, дIахьуш шатайпа таIзаран кампани елахь а, лилха довлуш дац молуш болчеран могIанаш а, лахлуш бац некъахьовзамаш а.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG