ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Художник Пашаев: "Суна чIогIа тIеIаткъам бина Бисултанов Аптин байташа!"..


Суртдиллархо Пашаев Абу. (аьтту агIор)
Суртдиллархо Пашаев Абу. (аьтту агIор)

Байташа в, исбаьхьаллин дашо а бечу тIеIаткъамо ницкъ луш, ир-кара хIитточех ву суртдиллархо Пашаев Абу.

Байтех, исбаьхьаллин дашах Iехавала а, кхиа а, беран хьекъале вахча санна воккхаве а, цецвийла а, ша санна и исбаьхьаллин дош кхета а дина, цуьнан кIорге кхечуьнга, ша воцчуьнга яста а еллий те бохуш, шеконехь хила а шатайпа кхетам а, дахар тидар а хила деза.

Пашаев Абун сурт
Пашаев Абун сурт

Байтанчо, ненан меттан говзанчо Яралиев Юсупа мацах цкъа ма-аллара, стаг ишта шатайпа «хьекъалда» ца хилча, цунна кхетар бац исбаьхьаллин дешан чам, воккхавеллал кхуьур вац цу дешан кIоргаллех а.

Иштачех цецвуьйлучех, воккхавечех, цу исбаьхьаллин дашо ницкъ луш, ир-кара хIитточех цхьаъ ву суртдиллархо, байтанча-гочдархо Пашаев Абу.

Цо ша даре дарца, байталлех а, куьце, кеп юззуш, шен метта далийначу исбаьхьаллин дашах Iехалуш а, цуо юх-юха йийсаре вуьгуш вацахьара цунна хаацара шен дахар муха хир дара.

Пашаев Абун сурт
Пашаев Абун сурт

Абуна моттарехь, тIаккха иза шеко а йоцуш боберах тера беркъа а, дуьззина а хир дацара.

Пашаев Абу къера ву уггар хьалха дикачу, беркатечу агIор цунна хьанал тIеIаткъам бийриг Бисултанов Аптин байталла ю.

Суна моттарехь цу, кIадвалар хIун ду ца хууш,дийнахь а, буса а дуьйцур дара Аптин кхоллараллех.

Цу тIера дIадолийра суртдиллархочо шен чулацаме къамел а. Суна дуьсург дацара цунна гIодар бен.

Абу: «Апти ша хьахо лаьа суна. Шатайпа лар юьтуш, шен мукъам болуш байтанча ву. Цуьнан хIора дош дегнашкахь, кхетамехь дуьсуш,дуьненчохь хезаш дека. Цуьнан биъ могIа боьшу ас.

«IиндагIо ладоьгIу хьан боларе, и хьуна тIаьхьа а хIоьттина, дIаоьху сатуьйсуш,синкхолларе, хьо санна кIадделла ,хIоьттина».

ХIетахь и могIанаш цо сайна дешца, ас-м элира цуьнга «Ма жима вара хьо, Апти, ишта ойланаш ян».

Пашаев Абун сурт
Пашаев Абун сурт

Маршо радио: Апти байтанча хилла ца Iаш философ а ма ву кIорге а йолуш,дахар тида а хууш. Ялх могIа бу-кх цуьна: « Каш санна таьIначу буьйсанна,

Дог къовла дезар-кха буй санна,

ДIаваха везар-кха генна дIа,

Хилла дIо седанан хеннара,

Аталуш чувожа везар-кха,

Кху лаьтте болучу безамна».

Абу: «Хьажахь, цо хIоттийна васт! Iалам юкъадалош дуй, ойла юй кIорге йолуш. Ойлап ян а ойла еза ма аьлла. Суна чIогIа тIеIаткъам бина Аптис.

ТIаккха ас кхин а очволий къахьоьгу. Цхьа неIарш схьаеллаелча санна дог-ойла айа а лой, суртдилларехь гIо хьулу суна. Къаьсттина суна гIо дика гIо до-кх,ас юха а боху, Аптин байталло.

Цо гIо дина-кх суна хийлазза а мел генарниг ган а, сан басаршна маьIна чудуьллуш а».

Пашаев Абус диллина сурт
Пашаев Абус диллина сурт

Байталлех, кхоллараллех, дахарехь бан безачу некъах, дIалаца йогIучу хьакъйолчу меттигах хIинцца дийцина кхоллараллин стаг, шуьйра хаарш долу хьша, суртдиллархо Пашаев Абу ву.

Иза тешна ву, беккъа цхьана шен белхан доцург кхечу хIуманан бала ца кхочург, оццу исбаьхьаллин дашах, Iаламах, тIам хецна дIо-о стигалхула кхерстачу аьрзух, я буьртигах, бепигах цуьргах тасаделла, и дIатакхо гIерташ къахьоьгучу зингатах цецвийла, тамаш бан цахуург юкъараллина а пайдехьа хир вац аьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG