ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мотт тохар эхь дац, ткъа ца тохар зулам ду Нохчийчохь


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Гуттар ца безна нохчашна мотт бетта нах а, ца дезна моттбеттар а. И ламаст лардина вайн дайша дукха хьалха дуьйна, ткъа хIинца мотт ца тоьхнарг зуламхо лору Нохчийчуьрчу Iедало. Мотт ца тоьхна аьлла стаг кхеле озор дуьххьара ду Совет Пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Оьрсийчохь, ткъа жоьпе оьзнарг Нохчийчохь нохчо ву.

Кху деношкахь Соьлж-ГIалара Заводан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Хизриев Асхьабан дуьхьал дов листа долийна. Иза бехке веш ву мотт ца тохарна. Талламо къастийна, цуьнан вевзаш волу Сафин Фарид, Шема ДАIИШ-ан могIаршкахь тIом ваха гIерташ хилар шена хуушехь, Iедалшка хаам ца бина аьлла. Сафин Шема дIавоьдуш схьалаьцна низамхоша. Ша левечу хенахь, цо Хизриевн цIе яьккхина, ша цига воьдуш вуйла цунна хууш дара аьлла. ХIинца ши а бехктакхаман гIента тIехь ву.
«Яровойн пакет» цIе тиллинчу низамашна юккъе керла артикалш тоьхначул тIаьхьа, дечу зуламех хаам ца бинчу стагана набахтехь яккха хан йогIу цхьана шаре кхаччалц. Иштта гIуда а хIотто мега кхело. Схьагарехь, шена вевзачу стагана мотт ца тоьхна аьлла бехке веш волу Хизриевн а изза таIзар дан тарло.
Нохчийн юккъараллехь, мотт тохар-аьттехь а тIедуьтуш хIума дац. Стагана айкхавалар-даима нохчашлахь дастаме а, маьттаза хеташ хIума хилла. ХIинца а, иштта хета дукхачу нахана. Хаджимурадов Сулейман цIе йолчу юкъаралхочо иштта элира цу хьокъехь.
Хаджимурадов: «Айкха бовлуш ца хилла нохчий. Бовлуш хиллехьара, дукха нах бийр бара. Нохчашна юкъахь иштта хIума чекхдер дац. Нохчаша мотт тоьхначу нахана аьтто ца бина цкъа а. Обарг Зеламхана мотт тоьхна нах хIинца а буьйцуш бу-кх. Зуламаш деш дуйла хуушехь, уьш дечу нахана мотт тоьхнарш а емал бина нохчаша».
Зударшна а товш хеташ хIума дац, мотт туху бохург. Иштта элира Канаева Эльзас.
Канаева: «Суна а дика ца хета мотт тоха бохург. Далла а , нахана а хьалхахь дика дац иза. Iедало шен болх бан беза-кх, нехан коча а иза ца тосуш».
Кхеташ ду керла низамаш, къаьсттина талламан кодексехь 205, дакъа 6 артикал хIунда юккъедаьккхина ду. Оьрсийчохь экстремизм а, терроризм а боху кIоршаме зуламаш даьржаш схьадогIуш ду. Амма нехан коча хIунда тосу, миллионашкахь полисхой а, эскархой а, къайлаха ницкъаш а болчу пачхьалкхехь, бохуш ца кхета цхьаболу бахархой. Iедалера даккхий ахчанаш а оьцуш, дуьнен тIехь мел болу гIирс а шайна карахьболчу оцу хьукматаша, шайн болх дика бича, цхьанна а тайпана нахера мотт беттар оьшур дац, аьлла хета Соьлж-ГIалара вахархочунна Идрисов Алимбекан.
Идрисов: «Вайн нохчийн амалехь-иза мотт тохар ду. Соьга хаьттича, Iедалан ницкъаш, нахана тIе а ца туьттуш, шайн болх жигара боккхуьйтур бара. Мотт тоьхна бохучу нехан тIаьхьенца гергарло а ца тосу наха, шаьш бовла а бовлуш».
Халкъе мотт бетта бохуш кхайкхамаш бар Совета пачхьалкх кога хIуттучу юкъана чIогIа даьржина хилла. 1930-чу шерашкахь ВЧК-ОГПУ-НКВД-н 20 шо кхачар даздеш, Совета партийн декъашхойн гуламехь, хIета хиллачу министрийн кхеташонан декъашхочо Микоян Анастаса иштта къамел динера, мотт тохаран доза доцийла хоуьйтуш масал а далош.
Микоян: «Пионера Щеглов Коляс гезгамашин баттахь почтехула кIоштан НКВД-н декъе хаам бина, шен дас Щеглов Ивана Николаевича гIишлошъяран гIирс лечкъош ву аьлла. Пионерам Щеглов Колина хууш ду Совета Iедал халкъан хIун ю. Шен да вац боху цо иза. Цо дехна НКВД-га шен да халкъан мостагI санна хIаллак вай дIаваккха аьлла. Иштта нах бу вайн! Ишттачу нахех бу вайн ницкъ а, ондалла а!».
Хизриев Асхьабан буьллу бехк, схьахатерахь, нахана хьалхахь вага а ца оьшуш, нохчашна товш йолу артикал хила мега. Кхи болх бу, и хIума шуьйрра даржа а дина, цунах цхьа тIедожош хIума хилахь, лалур буй иштта а гIелбеллачу нахе и Iаткъам.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG