ТIекхочийла долу линкаш

Къамеле мел баьхначу гIеметта хIиттинчу наха а, дезткъара бевллачу къаноша вуно дика кхетадо мотт беттар бохург хIун ду. Нохчаша доззане а цхьаьна ца дузу заманан кIоргенера дуьйна схьа вайнаха осала, эхье лоруш схьадеъна мотт беттар а, гуш лаьтташехь маьршачу нахана бохам баккха араваьлла зуламхо, хьаьнггара гIо дехна а,мичча а орца аьлла а сацавайтар а. Дахарехь зеделлачу могIарерчу нахе ладоьгIча уьш хий, цIей санна башхалла йолуш кхетамаш бу. Цкъа хьалха со дагавелира махкахь тIех дика вевзачу цIарна цIе яхханчу яздархочух. Цуьнгара пурба даьккхина цахиларна цIе яккхаза вуьту ас иза. Билггал хаа а хууш, маьршачу нахана а бохам баккха а тарлуш, зулам дан лерина цхьаъ араволуш хилча, хьаьнгга орца аьлла иза сацавар тIехь дуй те? Цу хаттарна жоп луш цо яздира: «Шена гергахь мел дика, мехала болх бан стаг араваьллехь а, маьршачу стеган цIий Iанош цо юьхьарлаьцнарг делахь, иза нийсо лара ца йогIу. Хьаьнгга а гIо дехна а иштаниг сацор, мотт беттар санна тидар а ду къилахь хIума. Зулам зулам ду-кх багахь схьабохург хIуъу а делахь а, бусалба динехь и муха туьдуш ду Iеламнахана дика хуур ду.

Гоьваьллачу яздархо бохург а дина со хаттаре велира Теркйист кIоштерчу Iеламдега Лечиев Шаид-Хьаьжега. ГIуллакх долуш а доцуш, мотт лебар,гIийбат дар,мотт беттар- и кхетамаш чулоцуш цхьана сури тIера аят карладаьккхира Шаид-Хьаьжас.

Шаид-Хьаьжа: « Аятехь муха боху аьлча,шаьш бусалбанаш аш ду бохуш хилча шу моьттуш ма хилалаш боху, шуна моьттуш долу цхьадерг къа хила а там бу шуна боху. Моьтту бохур Iад дIа диталаш. Вовшийн сакхташ дохуш тIаьхьаша луьйш ма хилалаш боху. Долург даккха гIерташ кIелдIашхула хIуманаш ма леладелаш боху».

ХIинцца 49-чу сури тIера 12-чу аятан чулацам бовзийтинчу Шаид Хьаьжас билгалдаьккхира, дика хIуманна лерина,маьрша нах зенах-зуламах ларбеш яьккхина гIулч мотт тохар санна ларар а къилахь хилар. Цуо карладаккхарца Iанне ца Iаш зуламна карзахвуьйлург куьйга сацор паччахьна тIехь ду, дашца сацор Iеламнахана. Доцца алавоьлча иша маслаIате жоп хазийра Шаид –Хьаьжас деллачу хаттарна.

Муха лоруш хилла вайнахалахь мотт тохар 60-70 шо хьалха? Мел башхалла ю цунна а, бохамна хьайнарг Iедале я нахе аьлла сацорна а юкъахь? Цу хьокъехь дуьйцуш ву дезткъара ваьлла къано Гизуев Хьусайн.

Хьусайн: « ЧIогIа магош дацара,къехьа, эхье лоруш дара мотт беттар. Хьуна хиъний цхьамма тешнабехк биний ,мотт тоьхний. ТIаккха а и нахала ваккхар къобалдеш дацара. Ахь вода а воьдий, къола дина стаг и ша нисвалийта цуьнга олуш хилла,хьада дIавало, и стаг къинтIера ваккха. Ца ваккхахь ас дуьхь-дуьхьала хIоттор ву шуьшиъ. Ишта алар тIехь хилла. Зуламна тохавелларг сацор мотт тохар лоруш ца хиилла. Иза сацавар,нисвар лоруш хилла. Ур-аттал вайнахалахь лартIа лоруш ца хилла таллархочо эккхийна яло акхаро мича агIор яхана алар а. Иза айкхалла лоруш хилла. И хIумнаш къесто хаа деза, цхьана аькал-нераца дIа а ца хьокхуш».

Бахархойн къамелашкахь гуш ма хиллара, «мотт тохар, мотт беттар» боху кхетамаш, цхьана черми чуьра схьаоьцу хича боьхкинчу хастоьмех тера пайда ца оьцуш, вон-дика къаста а деш, нахана бале дер дерг а къастош, бен-бен кхетош хилла нохчаша.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG