ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизмаца тIом я юкъараллехь муьтIахьалла дебор?


ОМОН Нохчийчоь
ОМОН Нохчийчоь

Курчалойн кIоштан Цоцин эвлахь къепедацарш дуьйладелчахьана а ладегIамехь еха нохчийн юкъаралла. МогIарерчу наха, дукха тIех гIарбийла а ца хIуьттуш, хьасартне бийцаре беш бу цигахь тергалбелла бохуш, официалан хьостанаша Iорабаьхна карзахе хиламаш.

Курчалойн кIоштан Цоцин эвлахь къепедацарш дуьйладелчахьана а ладегIамехь еха нохчийн юкъаралла. МогIарерчу наха, дукха тIех гIарбийла а ца хIуьттуш, хьасартне бийцаре беш бу цигахь тергалбелла бохуш, официалан хьостанаша Iорабаьхна карзахе хиламаш. Цхьаберш даггара теша цигахь мел хилларг ма- диццара ду бохучух, кхиберш шеконаша огу. Цхьаболчара кхайкхош мел дерг бакъ делахь даггара наьIалт олу маьршачу нахана зуламе дала тарлуш долу,бохаме хIума юьхьар а лаьцна,герзах гIортор а йина, арабевллачу кегийрхошна,ткъа кхиболчара юха а шеконе дохку,цаьрца бозабелла хиллера бохуш иттаннашкахь, ткъаннашкахь, тайп-тайпанчу ярташкара адамаш лецар. Кеп-кепарчу хьостанаша чIагIдарца лецначеран терахь кхузткъанера бIенне кхаччалц ду. «Валлай, биллай цхьаъ дан гIерташ ца хиллехь лоьцур ма бацара! Суна и бакъ моьттур дацара сан сайн чохь бацахьара и мажош ерш. Сан вешин ши кIант ву-кх, тхан Iедал ду схьадогIур долуш,тIаккха хуур ду шуна бохуш Iаш! Сан ваша стаг вац уьш совцо! Валлай вац-кх! Ишта совцо да воцуш лела хир бу-кх уьш а». Ша ях мел ло а юх-юха а шовкъе а юьйлуш, и къамел динарг ю 58 шарера Новр гIалин кIоштера яхархо Зараъ.

ХIумма а кIезиг бац Курчалойн кIоштехь нисделла вер-ваккхарш а,лецарш а шеконца луьттуш берш а. Царна гергахь иза юкъараллехь муьтIахьалла дебо,харц ойланаш лакъо, дарбанний, молханний аьлла,доккху цIий санна, адам кхетош-кхио,челакха ойланех тило, леррина гIардаьккхина хIума а ду. Делахь а цхьаболчара къобал ца до юххерчу а ,генарчу гергарчарна, уьш лоьцуш, къайлабохуш,беш болу тIеIаткъам. Царна иза хетало, Iапказан хинан цунами олучу ницкъалчу тулгIено,массо хIума а дIашардеш, хьульечу аренех тера. Бакъду хилларг мухха делахь а бахархошца хеттаре вийларо гойту Курчалойн кIоштехь нисделларг ондда бух боллуш хеташ берш хIумма а кIезиг цахилар. Бакълена а Цоцин юьртахь байанарш зуламдай лоручех ву Гуьмсан кIоштера вахархо Исрепал. Цо цхьана агIор бехках хьалха ца буьту , къайлах-къулах зуламе маша бузуш хиллачеран бала ца кхочуш Iийна чуьра гергарнаш а.

Исрепал: « ТIеман тасадалар а нисдеш цара динарг зулам ду. Зуламхой бу дер-кха,муха бац. Гергарниш хьийзабар новкъа ду да-м. Делахь а тахана шайна чудохьучу сом-эппазнах Iехабелла,сатуьйсуш Iаш хир бу-кх цхьаберш. Ишта ца хилча цара Iедале дIа стенна ца олу уьш шайн аьллар кIелара бевлла аьлла. Цаьрга бохуш хIума мА дац. Бохург деш бацахь,галбевллехь схьаала ма боху Iедало. Къайла мА баха боху,схьахаийта боху. Бакълена а цхьа хIума лелош ца хилча герз а детташ, дуьхьало йийр юй? Когаш кIамбелла лелаш ма бац уь ш! Цхьамма ахча а делла лелаш ма бу уьш. Шайна деллачу ахчанна болх бан безаш ма бу уьш. Бехк боцург а дIа мА карчаво цара. Шайн чу хIума деъчахьана бала а боцуш Iаш бу цхьаберш. Бусалба нах белхьара цара нахана зулам а дийр дацара. Церан цхьанне а бала ма ца кхочу…»

Курчалойн кIоштехь дуккха а нахана баьллачу бохамах а,ладегIамах а дийцина вахархо Исрепал дегайовха ву юххера а,генара гергарнаш-м хьала а, охьа а Iедало таIзарх хьалха буьтур бу аьлла.

Хууш ма- хиллара, Нохчийчохь тергаллучу хиламийн хьокъехь хааме доккхучех цхьадерг, газеташкахь а,интернет машанашкахь а,хIумма а юьхькIаме дац урхалла дечарна. Цу декъехь къаьсттина жигаралла гойтучех бу цхьамогIа бакъонашларьярхой. Амма,нийсо,бакъо ларьяйтаре боьхуш,цара орцане детта мохь-цIогIа Кремалан куьйгалхойн лере кхочучух тера дац.

XS
SM
MD
LG