Германин малхбузехь йолчу Нойс гIалахь полицино лаьцна Венерчу метрохь эккхийтар дан Iалашо хиллачу стеган накъост.
И стаг лаьцна шен петар чохь. Полицино цуьнгара схьаяьхна компьютер а, мобилан телефонаш а. Болчу хаамца, цу петаран чохь ларш карийна бомба кечйина хиларан а, саьмгар латтийна хиларан а.
Дечкен-беттан 20-чу дийнахь терроризмаца къийсам латточу Австрин тобано Венехь Фаворитен олучу кIоштахь жима стаг лаьцнера, терроран эккхийтар дан дагахь хилла аьлла шеко йолуш. Цуьнан ду 17 шо.
Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, иза "радикалан кегийрхойн векал" а ву, Венерчу метрохь эккхийтар кечдеш а хилла иза.
Цул сов иза а, Нойсехь лаьцна жима стаг а тIелетарш дан дагахь хилла немцойн тIеман объекташна.