ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Цхьана генарчу геналлера


Бексултанов Муса

Цхьана генарчу геналлера

Цхьана генарчу геналлера, сайн шерийн деношкара, гIенакхоьлахь гича санна хеташ я мукъам хезча санна сайна, цхьа сурт ду-кх суна дуьхьал, цкъа а дуьхьлара дIа а ца долуш.

Сан хIетахь кхойтта шо ду, БIовла, ламчохь, со жаца волуш. Заза даьккхина, хан а ю иза, хьайба бацах дуза хан, ломан лакхарчу даккъашкара сенделла гуш дитташ а долуш.

Жа Хилдехьа дуьгуш ду, БIовлахь Iа а даьккхина, Хилдехьахь ахка* даккха. Дас дуьйцу суна (иза говрашца ву, тIехь маьхьий долчу говрашца), жа Индихула, Чхьаьх* а хадош, тIаккха Гурах*, юха Сиза-Дукъ*, цигахула дIа Тонга* а юьтуш, ЦIийллана дуьхьларчу дукъах охьадахкаделахь, ша ЦIиллахойн-Юххе буьйса яккха меттиг а тоеш, соцур ву хьуна говрашца, олий. Со малх дикка лахбелча, диъ-пхи сахьт доллуш, Тонгарчу дукъа йисте кхочу, жа дерриг а хьуьнчохь а долуш.

Жа хьуьнчуьра хьала а даьхьна (кхин цхьа сахьт а долу дIа), хьацаро, хи санна, дегI а, корта а тIадийна, дукъа тIе со хьалаваьлча (жа суна нийсса бухахь ду, ЦIийллехьа охьа чу дежаш) суна дерриш а лаьмнаш го, тIехула – сийна стигал; дато, алла, лила басахь, гIаргIулийн жут санна, стигалхула шерша мархаш а.

Дукъ бухьера ира ду, гIаш вогIу некъахо бен, говр яхалур а йоцуш. Цхьа дакх а лаьтта цу дукъа тIехь, шура-чопа санна, кIайн гIад а долуш, сийна даьржинчу тIемашца. Цу дакх кIелахь ага хаало, цхьа метар хиллал шуьйра, гIеххьа хьалатоьхна буц а ю, бецан орамашца къаж а гуш. ЧIожара хьала мох а хьоькху.

Со жIарах, – ког-куьг генна дIа а кхуссуш, – охьавуьжу цу дитта кIелахь, нийсса ирах, стигал а хьоьжуш.

Диттан сийначу патаршна юккъехула сийна стигал го суна; сийна, алла, лила басахь (чукIело датон а хеташ), цхьанаэшшара, могIа бина, нахаран оханна санна, къилбехьа шерша яйн мархаш а.

Механ тIулгIешца, «шарр-р» деш, патарша ден шога шабарш а. ЮьхьтIехула шийла хIаваъ, бацо дикка шелбина букъ, дакъалуш лаьтта довха хьацар а.

ДIаоьхурш мархаш а йоцуш – хIан-хIа, – лам болуш санна хета-кх суна, со аркъал тIехь Iуьллу лам, хIордан тулгIе ма-яххара, сан са а эцна, ойла а, мархаш генна дуьхьал а уьдуш, генна цхьанхьа дегI а дитина, сайн са хьаьдда доьдуш санна, цхьана панахула, паналле, аб-абаде, Iаьршашка…

Сих-сиха го-кх суна и сурт, ялсамани хилча санна иза, цкъа маццах сайна гина йолу, кIайчу мархашца, диттан гIашца, хIаваах логах а хьерчаш, бIаьргашна гуш стигал бен, цхьа а дуьне а доцуш кхин.

Суна хаьа, цкъа хиллийла иза, ялсамани гинийла сайна; лила Iанийна стигал, сийна мархийн кIайн гезгамаша, гIа-патарийн хин шабарш, механ Iаьнаран мукъамаша а, са Iаьршашка, абаде…

Со дас сайн самаваьккхича, цу гIенашца – гIенашкара ялсамани махьарца отуш, – цхьа бер санна, жима бер санна, бобер санна тилвелла Iуьллуш, я вицвелла, вицвалаза, са дIадахна, ойла а…цхьа са бен дацар-кх со, цхьа ойла бен, мIаьрго.

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG