ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Светова Зоя: Халахета Страсбург Муртазалиевах ца кхетта


Муртазалиева Зараэ Оьрсийчоьно набахтехь шераш дахийтарца харцо ца карийна Европан кхеланна – иза формализм а, харцо а ю, аьлла «Эхо Москвы» радиохь къамелдинчу бакъоларъярхочо Светова Зояс.

«Сацамо цхьана а кепара гал ца доккху дина а доцчу зуламна Муртазалиева бехке йина хиларх долу бакъдерг», бохура Световас.

Муртазалиева Зараа арздира Страсбурге, шена 2005-чу шарахь ечу кхеле леван ца валийра коьртачу тешех волу полисхо Ахмаев СаIид, аьлла. ЙоI тешна яра оцу стага тIекхоьллина шена террорхочун цIе бохучух.

«ХIетахь Москох кхелехь Зараъца болхбечу адвокаташа билгал ца даьккхинера Ахмаев кхело левина а вацар, цундела Страсбурго шена Оьрсийчоьнан кхело йоьIан бакъо талхийна ца карийна боху», билгалдаьккхира бакъоларъярхочо.

«Сацамо Муртазалиеван кхоллам хуьйцуш бац, цо дегабаам бахь а. Новкъа ду адвокатийн гIалато нийсо гучуяккха новкъарло йина», бохура Светова Зояс.

Институтан дешархо лецира Москох 2004-чу шарахь Муртазалиева . Низамхошна цуьнгахь тIоьрмиг карийна чохь оьккху коьчал а йолуш, аьлла бара Оьрсийчоьнан кхело иза набахте хьажош бина сацам. Оцу сацамо «Охотный ряд» базар эккхийта кечлуш хилла йоI, бохура. 8, 5 шо хан текхира Муртазалиевас набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG