ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олигархо Усманов Алишера кхеле кхайкхина оппозиционер Навальный Алексей


Оьрсийчуьрчу коррупцица къийсам латторан Фондан куьйгалхочунна Навальный Алексейна дуьхьал дов айдайтина шен цIе сийсазйо бохучу бахьанийца олигархо Усманов Алишера.

Шинарийдийнахь листа долочу девне теш санна премьер-министр Медведев Дмитрий а кхайкхар дехна Навальныйс, хаамбина Москох Люблински кхело.

«Усмановс оцу кхеле доьхург шен дуьхьа дац. Цунна лаьа оха, «Иза шуна Димон вац» аьлла, Медведевс коррупци лелор гойтуш бина таллам бацаре бан», – дIахьедина кхеле Навальныйс.

Цунна хетарехь, Медведевс дийца деза, Усмановс ша доладечу фондна цIенош далар иза кхаъ эцар ду я дац. Оцу могIара массех хаттар ду шен Медведевга, аьлла Усмановс кхеле озийначу оппозиционеро.

Ши бутт хьалха Навальный коьртехь а волуш, Медведев Дмитрий коррупцица возавелла аьлла, протестан гуламаш гIовттийра Оьрсийчохь. Бинчу талламашкахь ша а декъахь ву аьлла Навальныйс даржор ца тайна Усманов Алишерна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG