Кхаа денна лерина дIайоьдучу Петарбухарчу экономикан форумехь Оьрсийчоьнан президента Путина элира: «Экономика дебар керлачу тIегIане долуш ду. Кхаа кварталехь бахам тIекхиина 1,4 процентна. Лакхадаьлла машенаш эцаррий, ипотекан кредиташ даларрий».
Ша хьахийначу тIаьххьарчу шина индексо гойту экономика кхьуш хилар, бохура Путина.
Ткъа форумехь къамел динчу Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антона дIахьедира, Оьрсийчоьнан экономика «аттачу хьолехь хир яц гергарчу шина шарахь, 2018-2019 -чу халачу шерех чекхдовла дезар ду вай, 2020-чохь аьтто бер бу еш йолу харжаш совъяха йоло».
Финансийн министралло тIедогIучу кхаа шарахь лург ахча оьцур ду арахьара, хIора а шарна - кхоккха миллиард доллар, дIакхайкхийра Силуановс.