Дуьненан ММА чемпион Амриев Мурад Оьрсийчоьнан полицино шен федералан лехамера ваьккхина, хаамбина "Эхо Москвы" радионо.
Спортменна теша лаьа хIинццалц шен паспорта тIехь Iедало дитина гIалат бахьанехь ша хьегна бала кхидIа лабезарг цахиларх.
Маршо Радионо бехха латтийра Амриевца хилла хьовзамаш тергонехь. Бутт хьалха Беларусино Нохчийчу дIахьажавайтира цигарчу полицино паспорта тIера гIалат бахьанехь лехаме велла иза. ТIаьхьо Соьлж-ГIалахь мукъаваьккхина Пятигорске вахча, лацагIоьртира цигара полици, лехамера иза ваккхаза ву, аьлла. ХIетахь дуьйна Iедалх къайлаваьлла вара Амриев.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...