ТIекхочийла долу линкаш

Пенсхошна уггар а гIад дайна пачхьалкх лерина Оьрсийчоь. И тоьшаллаш даладо францхойн финансийн Nataxis корпорацино хIора шарахь гойтучу Глобалан пенсхойн индекс тIехь.

ХIоттийначу рейтингехь Оьрсийчоьно дIалаьцна 43 меттигехь 40-гIа меттиг.

Цигахьчул а оьшуш хьелаш карийна Бразилехь, Грецехь, ХIиндойчохь.

Лидершлахь ю Норвеги, Швейцари, Исланди, Швеци, Керла Зеланди а.

Индекс вовшахтухуш чоьте эцна пенсхойн ахча а, церан Iер-дахаран хьелаш а, могушалла а.

Эксперташа тидамбарехь, цхьана шерачохь Оьрсийчохь хьалхачул а иэшаме ду социалан хьелаш а, могушалла Iалашъяр а.

XS
SM
MD
LG