Петарбухарчу Кадыровн цIарахчу тIайна уллохь Ахматова Аннин граффити йиллина хIинца шолгIа. Еарийдийнахь поэтессан Ахматован диллина сурт а, кехатийн элпех "Ахматован" аьлла у дIахIоттийна Кадыровн тIайна уллохь. Социалан машанашкахь "Йиллина Оьрсийчоьно" бина и хаам.
Байначу беттан 19-чу дийнахь а хIоттийра даккхийчу элпашца язйина "Ахматован" а, иштта яздархочун вастан сурт а.
ХIетахь а масех сахьт даьллачул тIаьхьа элпаш кегдина, дIIакхийсинера.