ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета воьдучу шен накъостна некъана ахча даларна 3 шо хан кхайкхина набахтехь такха Нохчийчуьрчу вахархочунна Ильясов Тамерланна.

Ростов-гIалин кхело чIагIдарехь, стохка гуьйренан юьххьехь делла хилла Ильясовс ахча.

"Интерфакс" агентале бина и хаамаша кхелан пресс-секретара Катькало Аленас.

Хьалхо "Кавказан узел" агенталло яздира, иштта Шема воьдучу шен накъостана 1 эзар сом делла аьлла, кхи цхьана вахархочунна а 2 шо хан тоьхна хиларх пIераскандийнахь.

XS
SM
MD
LG