ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан пенси тоьках, газах, нехех дIадоьду..."


Пенсахоша шаьш даре дарца, декъаза лол бетташ, Оьрсийчохь уггаре а хала хене бовлурш уьш бу.

БерхIитта гайтам юьхьар а лаьцна, дуккха а пачхьалкхашлахь, Iедалх тешна бисинчу пенсахойн хьокъехь дина зераш Оьрсийчоьнна юьхькIаме lу бохург дуьйцийла а яц. Оьрсийчоьнан Думехь къинхьегаман а, социалан политикан а, ветеранийн гIуллакхийн а комитетан хьаькам волчу Нилов Ярослава гIардаккхарца, пенсехь болчу бахархойн бала кхачарехь, церан хьашт-дезарш листарехь, угаре а гIаддайначу пхеа пачхьалкхан юкъахь ю Оьрсийчоь.

Шайгара хьал-таро а, шайн могушаллин бала кхачар а, дахаран дикалла а, ахчанан доза-барам хIоттор а Оьрсийчохьчул а лахарчу тIегIанахь лору нохчийн пенсахоша. Шаьш мел лераме ду, хьашт-дезарш листа мел кхачаме ду Iедало луш долу пенсеш дуьйцуш бу Соьлжа гIалин кIоштера пенсехь болу зударий Раиса а, Яха а, Нахари а.

"Ялар-йисарна охьа-м ца диллало соьга сайн пенсе"

Раиса: "Суна 16 эзар дан а догIу, нисса газ-хина, токана, нехашна, молханашна дIадаллал хуьлу-кх. Тоьуш ца тоьуш хуьлу иза, туьканахь декхарийла а йоьду…"

Яха: "12.200 сом догIу суна пенси. Хала хене йолу со декхарийла йоьдуш а хуьлу,ца йоьдуш а хуьлу..."

Нахари: "16 эзар пенси догIу суна а. Беттан юьххьехь дIасадекъча дуьсу дерг цхьацуьргга а дац. Ялар-йисарна охьа-м ца диллало соьга. РаггIа-м ца кхочу. Елча-м цхьамма дIасаидор хир ю-кх".

Маршо Радио: Оьрсийчохь болчу пенсахошкара хьал сел ледара хилар бакъ дуй те?

Раиса: "Уьш а бу-кх со санна даима а боьлхуш, хIара а ца эцало, важа а ца эцало, тоъане а ца тоьу пенси бохуш. Ахь ял охьа ца йиллича хи а, газ дIахадайо боху. Оцу телевизор чохь гойтуш а, хезаш а бу-кх церан арз-леткъамаш".

Яха: "Адамашна декъаза пачхьалкх ю-кх хIара. Вуьзнарг вуьзина хьерваьлла ву, гIийла, миска воллург шен гIийла лол бетташ, кхин тIе а къевелла".

"Токана я газана дIадала а ма ца тоьу иза"

Ткъе итт шарахь сов ша бинчу балхана 60 - ра ваьлча шена хIоттийна пенсии ца торчу гIуллакхана хьажо,бехкечу метте а хIоьттина йома латтол дац бохуш леткъамаш бийраш дукха бу, хIара къамел деш волу Хасаев Iабдул санна.

Iабдул: "Коммуналан ахча а лерича хIинцца 8 эзарне кхаьчна сан пенси. И доцуш 6.600 дара. Токана я газана дIадала а ма ца тоьу иза".

ХIинца долу Оьрсийчуьра Iедал урхаллехь мел ду нахана чу садогIур дац аьлла сецна хьажам болчех ву Старопромысал кIоштера пенсахо Хатуев Леча. Цо мелла а шуьйро дийцира пенсахойн хьокъехь шена хетачух.

"Пачхьалкхан таронаш яккхий ю, амма Iедалехь берш шайна чухьокхуш бу."

Леча: "Сайна догIу 11 эзар суна тоъане а ца тоьу. Бутт юккъе бахарций со декхарийла ваха везаш хуьлу-кх. Со санна лург бехаш берш дукха бу. Цхьа льготаш а яц. Дикачу агIор гIуллакх хийцалур ду ала дегайовхо кIезиг ю. Пачхьалкхан таронаш яккхий ю, амма Iедалехь берш шайна чухьокхуш бу. Со кхин белхаш вацахьара хене а вала а лур вацара. Нахала ваьлла хир вара тоххарехь…"

Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а пенсионерийн бала кхачарх, тидам-терго ярх мел дийцинчеран массеран а юкъара цхьа таьIна, шеконе ойла а яра –герггарчу хенахь шайгара атта доцу дакъа дикачу агIор хийцалур ду-кх ала бахьанаш мискъал зарратал кIезиг хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG