ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Транссексуалаш буьтур бац Iамеркан арме


Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, транссексуалаша цхьана а кепара гIуллакх дойла дац Цхьаьнатоьхначу Штатийн армехь аьлла. Цунах лаьцна Трампа яздина Твиттерехь кхаариндийнахь.

Транссексуалаш арме эцарх лаьцна план тIеэцнера президентан Обама Баракан администрацино. Карарчу хенахь 1,3 миллион эскархочух лаьттачу Iамеркан тIеман ницкъашкахь цхьацца даржашкахь гIуллакх деш бу 1300-на тIера 7000-ре кхаччалц керла арме дIаэцна транссексуалаш.

«Сайн инарлашца а, тIеман эксперташца а дагаваьллачул тIаьхьа ас жамI дина, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало бакъо лур яц транссексуалашна цхьана а кепара гIуллакх дан Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман ницкъашкахь», - хаам бина Трампа Твиттерехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG