ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клубан симбол тIехь йолу дневникаш эца дезар ду Нохчийчуьрчу хьехархойн


Нохчийчуьрчу хьехархоша латкъамаш бо «Ахмат» спортан клубан симбол тIехь йолу меттигерчу типографино кечйина дешархойн дневникаш эцар тIедожийна шайна бохуш, яздо «Кавказский узел» сайто.

Соьлж-ГIаларчу цхьана школан директоро дийцина цу зорбанан гIирсан корреспонденте, гергарчу шина дийнахь маса дешархо ву аьлла хаам бан дезаш ю ша дешаран министралле, оццул дневникаш эца а дезар ду шен аьлла.

«Ахмат» клубан симбол тIехь йолчу дневникан мах бу 90 сом. WhatsApp лелочу наха вовшашка дIасаоьхуьйтуш ю, цхьана Iедалан белхохочо, хьехархошна кхерамаш а туьйсуш, цу хаттарехула министраллехь хиллачу кхеташонах лаьцна дуьйцуш йолу аудио.

«Амма иза дац шуна, школехь 300 бер доьшуш а долуш, аш 10 дневник оьцур ю бохург», дуьйцу зудчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG