Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман ницкъийн бомбанаш тухучу шина кемано Къилбаседа Корейна ницкъ гойтуш готесна Корейн ахгIайренна, цу пачхьалкхо юха а зарратан ракета зер бахьана долуш.
Кху беттан 28-чу дийнахь Пхеньяно хIаваэ хийцира цхьана континетера кхечу континенте кхача ницкъ болу атоман баллистикан ракета. Къилбаседа Корейн Iедалан векалша чIагIдарехь, иза аьтто болуш ю Iамеркан территорина тIекхача, шеца атоман бомба а йолуш.
Iамеркан тIеман министраллан векалша бинчу хаамца, B-1 бомбанаш туху кеманаш хьалагIиттинера Гуам олучу гIайренерчу авиабазера. ТIаьхьо царна улле хIиттира Японин а, Къилба Корейн а файтер олу тIеман кеманаш.
И мисси яхйелира 10 сохьтехь.