Пятигорскан полици вандалаш лоьхуш ю Воробъянинов Кисин скулптуран шляпа яьхьна болу, хаам бо newstracker.ru сайто.
Скулптуран композици лаьтташ ю «Цветник» паркан кевнехь. КIирансарахь скулптуран дакъа долу шляпа лачкъийна. И бахьана долуш МВД-н меттигерчу урхаллехь схьадиллина бехктакхаман гIуллакх
Пятигорскан коьртачу архитекторо дийцарехь, Воробъяниновн шляпан йозалла ю 50 кила. Онда болташца иза телатийна яра скулптуран когашкахь лаьттачу чамдина.