ТIекхочийла долу линкаш

Меттигерчу вахархочунна, банкера кредит эцийтархьама, иза школехь болх беш хилар а чIагIдеш, цо оьцучу алапех кехат делла аьлла, кхеле хIоттийна Соьлжа-кIоштарчу школан бухгалтер.

Тааламбарца гучудаьлла, кредит эца лаам хиллачу вахархочо школан бухгалтере дехар дина хиларх, ша балха эца аьлла. Ткъа коьрта бухгалтеро цунна оьшу тоьшаллин харц кехат делла, 11 эзар сом кхаъ а оьцуш цуьнгара.

Ахча схьаоьцучу хенахь лаьцна бухгалтер. Бехктакхаман гIуллакх даьккхина цунна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG