Пхи метр кIорга йолчу гIу чувоьжна хилла ларамаза гIеметта хIоьттина Гуьмсан вахархо. МЧС-ан Нохчийчуьрчу урхаллин зорбанан сервисо бинчу хаамца, цуьнан ког шершина хилла хилла гIуна дукха улле ваханчхенахь. Цу чувоьжначул тIаьхьа иза висина хилла хьалавала ницкъ ца тоьуш.
Орцан министраллин белхахоша кIелхьарваьккхина иза, кхин могашалла галъялале. Гуьмсерчу цIеяйъархоша, гIу чу гIант а дахийтина, доьхканаш а тесна, хьалаваьккхина эшам хилларг. Цул тIаьхьа могашалла зе иза дIакхачийна дарбанан хIусаме.