Карарчу беттан 1-чу дийнахь дуьйна Австрин Iедалша дихки юьхь лачкъош коьртахь хIума лелор а, иштта туьтмIаьжгаш а, спецгIирсаш а лелор а нахана юкъахь. Оцу низаман инициатор пачхьалкхера Социал-демократин а, халкъан а партеш.
Wiener Zeitung агенталло яздарца, буркини а, никIаб а лелорна дуьхьал даьккхина ду и низам. Бехкамна юкъа йогIу иштта медицинан а, жухаргийн туьтмIаьжгаш а, балаклаваш а, респираторш а.
Магош ю уьш лело, нагахь санна и стаг шен белхан декхарш кхочушдечухь а, я карнавалехь велахь.
Маршо Радионо хьалхо еллачу информацица, еккъа цхьана Венехь еха юхь къовлуш йолу никIабаш лелочарех 15 гергга зуда. ГIадужу - беттан 1-чу дийнахь дуьйна урамехь никъаб йоьхна гучубовлахь царна 150 евро гIуда тоха йиш ю Iедалан.
Иштта полисхойн бакъо ю, царна никIаб цу меттехь охьаяккхар тIедожон. Нагахь санна цара иза охьа ца йоккхуш дуьхьало яхь, и зударий полицин декъе дIабига бакъо ю Iедалхойн.
Бакъду, шайн ницкъаца зудчунна тIера никIаб охьаяккха а, цу зудчунна тIекховда а бакъо яц полисхойн.