ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра 500 жима стаг вуьгур ву Оьрсийчоьнан арме


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Кхушарахь арме ваха хан йолчу Нохчийчуьрчу 80 эзар жимачу стагах гуьйранна Оьрсийчоьнан арме вуьгур ву 500 стаг. Эскаре бигаран компани йолаелла цу пачхьалкхехь ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Маршо Радионо дийцина ма хилллара, стохк Оьрсийчоьнан эскаран могIаршка вигинарг вара изза 500 стаг. Оццул нах тIекхайкхира кхушарахь бIаьста кегийрхой арме буьгу кампани дIахьош а.

Меттигерчу бахархошна хетарехь, армехула чекхваьллачу жимачу стеган алсам аьттонаш бу болх каро а, ницкъаллин структурийн декъашхо хила а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG