Къилбаседа Кавказан тIеман кхело, луьрачу хьелашкахь даккха 24 шо хан тоьхна, чувоьллина Бекболатов Артур. Иза бехке вина Оьрсийчоьнан Турпалхо Нурбагандов Мохьмад вуьйш дакъалацарна. Кхело бехке лаьрра Бекболатов кхин долу зуламаш дарна а.
Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, талламхойн версица стохка Товбеца-беттан 10-чу дийнахь ши жима стаг а, кхо дешархо а Сергокала эвлан гергахь лаьмнашка вахана хилла садаIа. Сарахь цу тобан тIеIоттаелла герзаца хиллачу нехан тоба, шен коьртехь Халимбеков Мохьмад а волуш.
Цу нахана юкъахь дов иккхина. Герзаца хиллачу цхьана стага мийра тоьхна хилла 10 долчу кIантана. Цу кIантана тIехIоьттина цуьнан 23 шо долу ваша Нурбагандов Iабдурашид. Амма тIемалоша гез тоьхна вийна иза.
Биснарг тIергашца дIабихкина цара. Закъалтхошна юкъахь хилла 31 шо долу полицин лейтенант Нурбагандов Мохьмад. Иза хьуьнха а вигина, видео а йоккхуш, герз тоьхна вийна зуламхоша.
Нурбагандовна Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе тиллира, иза кхелхинчул тIаьхьа.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?