ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шех тешийначу берана йиттина зуда дIалаьцна Нохчийчохь


Нохчийчохь Невран кIоштарчу кхело бакъо елла таллмахошна талламан изляторна чуйоьлла жима йоIана къиза йиттина зуда.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, бехктакхаман гIуллакх схьадиллина Нохчийчохь 51 шо долчу Невран кIоштара Новотерски эвларчу яхархочун дуьхьал. Иза бехке йина 5 шо долчу йоIана еттарна. Цу зудчо, коьртах а, дегIах а хIума етташ, хьийзош хилла бер масийтта баттахь.

Талламхоша бинчу хаамца, йоIан да-нана дIасадаьллачул тIаьхьа йоI деца йисина хилла, амма 20I7-чу шарахь Товбеца-баттахь иза цIераваьлла, шен бер гергарчу зудчун тергонехь а дитина.

ЙоIанна етташ хиларх лаьцна полице хаам бина лулахоша. Цул тIаьхьа сихха дарбанан хIусаме охьайиллина дегIа тIехь еттаран ларш йолу йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG