Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь оцу махкарчу библиотекашкахь хIаллакхилла 6 миллион киншка а, документаш а меттахIитторхьама къаьстина программа оьшу аьлла, Соьлжа-ГIаларчу Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекан куьйгалхочо Исраилова Сацитас ТАСС агенталле. Жайнаш оьцучу программехь республика дакъалоцуш елахь а, тоаме яц книгийн фонд боху цо.
"ТIеман заманчохь хIаллакхиллачу книгашлахь яйна 19-чу бIешерийн чакхенехь, 20-чу бIешерийн юьххьехь а латиницехь арахецна нохчийн абаташ. ТIехдоккха зен ду и библиотекашна хилларг, цундела цхьа къааьстина программа оьшура жайнинй фонд юхаметтахIотто", - аьлла Исраиловас ТАСС агенталле.