ОвхIанистанера схьаваьллачу масех вахархочуьнца нисделлачу латаршкахь вийна Нохчийчуьра вахархо Навразов Сулима, хаамбина «Кавказ.Реалиига» Германерчу хьостано.
КIиран суьйранна Перлебергерчу мухIажирийн куьпахь хилла и зулам. Уьрсан чевнаш йина хилла овхIанхоша нохчочунна.
36 шо долчу жимчу стеган 5 жима бер а, ялхолгIа доьзалхочух йолу зуда а дисина.
Полисхоша лаьцна конфликтехь дакъалаьцна ши овхIанхо.