ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эпсар лаьцна Нохчийчохь


Russia -- Servicemen of the Federal National Guard Service Troops
Russia -- Servicemen of the Federal National Guard Service Troops

Виъ эскархо вийначу Шелковск кIоштарчу Росгвардин лейтенантан Гаджиев Маратан хилла командир лаьцна Нохчийчохь. И хаам баржийна шен хьосташна тIе а тевжаш, РБК агенталло.

Болчу хаамашца, кхааридийнахь къайлахчу сервисаша лаьцна Курдюков Роман.

РБК-ца къамел динчара ца дийцина эпсар бехке вен бахьанаш, амма билгалдаьккхина эскархойн декъехь Курдюковс къиза хеьлаш латтош хилар.

Росгвардин Шелковскерчу декъехь инцидент эккхале кхо кIира хьалха эскархоша бунт айбина хиллера, шайна тIехь лелочу харцонна дуьхьал, аьлла, дийцина агенталле кхечу хьостано а.

Шинаридийнахь Маршо Радионо хаамбира, герз деттале хьалха лейтенантан Гаджиевн конфликт хилла хиларх командирца Курдюковца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG