Соьлжа-ГIаларчу футболан майдана студенташ ницкъаша кхуьйлу аьлла, яьржина информаци Нохчийчоьнан прокуратурано теллинчул тIаьхьа, бакъ ца карийна..
"Артикл тIехь студентийн бакъонаш хьоьшу бохуш Iорадаккхарна тоьшаллаш ца карийна прокуратуран белхахошна. Иштта прокуратуре цхьа а арз дешархошкара а, я церан дайшкара а кхаьчна дац", - аьлла, дIахадийна прокуратуран официалан сайта тIехь