ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу турнирашкахь толамаш баьхна нохчийн спортхоша


Немцойн Одер тIера Франкфурт гIалахь дIаяхьанчу „Бранденбурган кубок“ цIе йолчу греко-римхойн латаран дуьненаюкъарчу турнирехь дакъалоцуш бара 12 пачхьалкхара 300 сов спортхо. 13-14 шераш долчу кхиазхойн категорехь дато мидал йоккхуш, шозлагIа меттиг баьккхира цигахь Келн гIалахь вехаш волчу нохчочо Елисеев Малика.

Кхин цхьаъ нохчийн кхиазхо толаман меттигца юхавирзира цу къовсамера. 15-17 шераш долчу кегирхойн категорехь кхозлагIа меттиг а, борзан мидал а яьккхира немцойн Нойсс гIалахь вехачу Накаев Алберта.

Жимма хьалха Финляндерчу Ваас гIалахь дешархошна юккъехь дIаяхьанчу маьршачу латарийн чемпионатехь а толаман меттигаш баьхнера нохчийн бераша, бохуш хаам бо wsport.su сайто.

Иштта, 13 шераш кхачанза болчу спортхошна юккъехь шозлагIа меттиг баьккхира Алиханов Мохьмада. Ткъа 60 килане кхаччалц болчарна юккъехь дато мидал а, шозлгIа меттиг а баьккхинарг Тасуханов СаIид вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG