ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу жимачу стагана хан тоьхна Норвегехь


Норвеги -- Оьрсийчуьрчу 17-тта шо долчу жимачу стеган кхелехь, Осло, Охан.10, 2017
Норвеги -- Оьрсийчуьрчу 17-тта шо долчу жимачу стеган кхелехь, Осло, Охан.10, 2017

Норвегин кхело 9 бутт хан тоьхна Ослохь метрон социйле куьйга йина бомба еанчу гIалгIачун.

17-шо долу Оьрсийчоьнан вахархо лецнера кхушеран Охан-баттахь. Цуьнгахь карийнера эккхийта кечйина бомба. Ши кIира хьалха прокуратуро дехнера кхеле цунна ши шо хан тохар.

Талламхоша дийцарехь, и жима стаг тидамехь латтош хиллера «Исламан пачхьалкх» тобано лелориг. Норвегин Iедалша сацам бина иза террорхо ву аьлла бехке ца ван, цо кечйина бомба кхераме ца хиларна.

Норвегерчу зорбанан гIирсаша дийцарехь, бехке винарг дIахеца мегаш ву хIара шо чекхдалале.

Меттигерчу прессо цу кIентан цIе ца йоккху. Маршо Радионо хьалхо дийцина ма хиллара, цу къоначу мухIажиран цIе ю Iийса.

Оьрсийчуьрчу Мурманскехь беха цуьнан доьзал Норвегехь баха хиина хилла 2010-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG