ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зюганов хьекъалх тилла аьлла Кадыровс


ЦIечу майданахь адам вовшахтоха, цигахь къепе хьешийта лаамца лела Ленинан чалх лаьттах йолла еза боху деса къамелаш аьллачу коммунистийн партин лидере кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Хаттам бича ах сов Оьрсийчоьнан бахархой реза бу Ленинан дакъа лаьтте кховдо, 60 процент хуьлу и Левада-центран а, ФОМ-ан статистикаца", аьлла, яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

"Яхначу заманца, Геннадий Андреевич санна, бIостанехьа гучу яхначу заманца, вайн бераш, берийн бераш даха дезачу хиндолчун ойла а ца еш, вахар – жоьпаллах а хаьдда, шен дуьхьа вахар ду. Керла чкъоьрнаш а ца хезаш, церан бат дIа а юкъуш, шена хетарг тIе а доккхуш, цаьрга эвхьаза мотт а лебеш лелар – иза дац къанвеллачун хьекъалх тилар?", - яздо Кадыровс.

Хьалхо Кадыров тIетайнера Ленин коша верзорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG