Оьрсийчоьнан президентах лаьцна тоьлла байт йийцина, айфон яьккхина 3-чу классера йоI плагиат ярца гучудяьлла. Цо ша язъйина аьлла дуьненна хьалха дIа а хIоьттина йийцина байта кхо шо хьалха интернетан машанашкахь Хулиганка ю со ник йолчу авторо зорбане яьккхина хилла.
Байтан юьххьера Путин лохачу дегIехь хиларх могIанаш тIех а тесна, йисинарг ерриг схьаэцна йоIа ма-ярра, яздо Юга.ру-с.
Хьалхо Маршо Радионо хаамбира, Теркйистерчу лоьмар 7 йолчу юккъерчу школан 3-чу классерчу Ибахиева Хедас толам баккхарх Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь язйина хиларх..
Маршо Радионо теллича иштта гучуделира, Ибахиева Соьлж-ГIалахь доьшуш хилар а, Бена-Юьртахь цхьаъ бен школа ца хиллийла а.