ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Русланна тIехь хIинца йина кхел а харц лору бакъонашларъярхоша


Набахтера араваьллачул тIаьхьа Кутаев Русланан маршонна нохчийн кхело доза тохар критике даьккхина адвоката Заикин Петра. Кхелан сацамна латкъам бан беза аьлла хета бакъонашларъярхочунна Каляпин Игорна а.

Маршо Радионо хаамбира, Ноьвр кIоштарчу Чернокозовехь набахтехь хан токхучу Кавказан къаьмнийн ассамблейн куьйгалхочунна Кутаев Русланна тIехь рогIера кхел дIаяхьарх дахначу кIиранах, оцу кхелехь цунна дуккха а дехкарш дарх а.

Маьрша ваьллачул тIаьхьа дийнна шарахь цунна магор дац ша вехачу кIоштан дозанера аравала а, адамаш дукха гуллучу меттигашках лела а.

"Латкъамбарх сацам Кутаевс ша тIеэца безаш бу. Сан бакъо яц сайггара хIуммаъ лело", - аьлла «Кавказан узел» агенталле адвоката Заикина.

"Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игора шена дагахь а доцург ду боху Кутаевна дуьхьал даьккхинарг.

"ТIаьххьара тхошиннан хиллачу къамелехь керла гIуллакх дуьхьал айдарх дийцарш хилла а дацара. Суна хетарехь, латкъам бан беза. Суна цкъачунна хууш дац, Кутаевна шена оьший-те кхелаца къийса. Нагахь оьшу цо бахахь, кхеле девр ду", - аьлла Каляпина.

2014-чу шарахь вайнах махках бохийна 70 шо кхачарна лерина Нохчийчуьрчу Iедало ца хьехош, дицде аьллачу денна лерина конференци вовшахтоьхнера Кутаев Руслана.

И конференци ярца лецира иза полицино, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла а кхайкхош. Кхелехь гучудуьйлура дуккха а доцу бахьанаш, харц тоьшаллаш.

Кутаев Руслана бехк тIе ца эцна. Цуьнан адвокаташна иза лацар а, набахте хьажор а политикан бухехь бина сацам бу аьлла хета.

Дуьненаюкъарчу юкъараллаша, ХIюмен Райтс Вотчо а дIахьедира, Кутаев Руслан хIуманна а бехке вац, иза Iедало шена товш йоцу, вайнах махкахбахарх лаьцна йолу конференци хIотторна лаьцна ву аьлла.

Диъ шо хан тоьхна, набахте воьллина юкъараллан жигархо Кутаев Руслан синан маршонан тутмакх лерина Амнисти Интернешнл цхьаьнакхетаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG