ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полша йозуш йоцу 99 шо кхаьчна


КIирандийнахь Полшехь билгалдоккхуш ду пачхьалкхан йозуш цахиларан 99 шо кхачар. Даздарш долийра Полшехь президента Дуда Анджейс Цавевзачу салтин коша тIе зезагаш а дохкуш. "Вайна дагахь латта деза, мел беза бу маршонан а, цхьаллин а мах. Дицдан мегар дац, пачхьалкхан цхьаалла ларъян езаш хилар а", - аьлла президента гулбеллачаьрга вистхуьлуш.

Иттанаш сов демонстрацеш хилла Варшаван урамашкахь. Акцешкахь дакъалоцучийн кхерамзалла ларъярхьама Iедало демонстранташ лелачу урамашкахь бетонан дуьхьалонаш хIиттийнера, яккхий машенашца теракташ дан аьтто ца хилийтархьама.

Исбаьхьа совгIат кечдинера полшхошна оцу пачхьалкхерчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалто. Iамеркан дипломаташа видеоролик кечйинера, полшхойн маттахь пачхьалкхехь шайна уггар а дукха дезарг дуьйцуш.

Дуьненаюкъара Хьалхара тIом бирзина де билгалдоккху Полшехь йозуш йоцчу пачхьалкхан де санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG