ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Путина гIортор йина Украинерчу Донбассехь йийсархой хийцарна


Путин Владимира телефонехула дийцаре дина Захарченко Алесандрца а, Плотницкий Игорца а йийсархой хийцарца доьзна хаттар. Лахь.15.2017
Путин Владимира телефонехула дийцаре дина Захарченко Алесандрца а, Плотницкий Игорца а йийсархой хийцарца доьзна хаттар. Лахь.15.2017

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира телефонехула дийцаре дина Донбассерчу Донецкан а, Луганскан а «халкъан республикаш» олучу кIоштийн куьйгалхошца Захарченко Алесандрца а, Плотницкий Игорца а йийсархой хийцарца доьзна хаттар. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цо дийцарехь, Захарченко а, Плотницкий а реза ву йийсарехь болу нах хийца.

Иза дуьххьарлера къамел ду, официала кепара дIа а кхайкхош, Путина "ДНР" а, "ЛНР" а олучу Украинерчу сепаратистийн тобанийн лидершца дина долу.

Украинин векалша дийцарехь, сепаратисташа лаьцна латтош ву лаххара а 144 Украинин махкахо. Царах 87 стаг мичахь ву хууш ду Киевна. Донбассехь конфликт йоьдуш аьтто баьлла маьршаваккха 3 эзар гергга Украинин махкахо. Кхин а 400 стаг тIепаза вайна лоруш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG