ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу бахархойх ах дакъа ду Делах тешаш


Нисса ах Оьрсийчуьра бахархой бу Делах тешаш, гайтина «Левада-Центро» бинчу талламо. Шаьш керста православин динехь лоручу нахана юкъахь Делах тешаш бу 58 процент нах.

Цуьнца цхьана, керстанех кхо дакъа бен дац, шеко а йоцуш, Дела волуш ву бохучух тешаш.

Оьрсийчуьра хIора борхIалгIа православин динехь волу вахархо тешаш вац я шеко йолуш ву Дела ву бохучух.

24 процент респонденташа жоп дела юкъа-кара хан йогIу шаьш Делах тешаш аьлла.

40 процент Оьрсийчуьра бахархой тешаш бу жоьжахати а, иблис а долуш ду бохучух.

Социологаша бинчу талламашца, Оьрсийчоьнан бахархойх 75 процент нах шаьш керста православин динехь лоруш бу. Карарчу хенахь дуьнентIехь вехаш ву православин динехь ву ша аьлла хеташ волу 260 миллион стаг. Царах 100 миллион стаг ву вехаш Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG