ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь лаьцна Хлебников Пол верна лоьхуш хилла Оьрсийчоьнан вахархо


Украинин Кхерамазаллин сервисен белхахоша (СБУ) Киевехь лаьцна Интерполо лоьхуш хилла Оьрсийчоьнан ши вахархо, хаам бо Коммерсанто. Царах цхьаъ ву оьрсийн маттахь долчу Forbes журналан коьрта редактор хилла Хлебников Пол а, Нохчийчоьнан вице-премьер Сергунин Ян а вийна аьлла шеко йолуш лоьхуш хилла. СБУ-н белхахоша билгалдоккху иза Украинехь бизнесхошкара ахча доккхуш лелаш хилла хилар.

ШолгIа ву Нохчийчура орамаш долу стаг. Иза зуламхойн тобанан декъашхо вара боху СБУ-н векалша, еза машенаш идош зуламаш дарна Францин Iедалша дуьненаюкъарчу лехамашка велла волу.

Лецначеран цIераш йохуш яц.

Маршо Радионо хьалха дийцина ма хиллара, 2004-чу шарахь Москох ФForbes журналан коьрта редактор Хлебников Пол верна бехкевен нохчо Дукузов Казбек, шена кхин цIе тIе а эцна, Нохчийчохь веха, яздира «Росбалт» агенталло.

Iаьмеркахо-журналист вийча, хIеттехь, лаха кхайкхийра Дукузов а, шолгIа нохчо-бизнесхо Нухаев Хож-Ахьмад а. ТIахьо зулам дарна Iаьрбан Эмираташкахь набахти а текхана, мукъаваьлла лору Оьрсийчоьнан низамхоша Дукузов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG