ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхенаш хедийначул тIахьа, етташ ницкъбина СИЗО-хь нохчашна


ПIераскан дийнахь Москохарчу кхелехь шаьш-шайн пхенаш хедийначарех цхьаммо шена йиттина аьлла даредина. Адвоката Багдасарян Иннарас РБК агентале бина и хаам. Кхелан хIусамехь инцидент йирзинчул тIаьхьа бина ницкъ.

Иштта адвоката дийцина, бехкебечара шайн пхенаш хедийначул тIаьхьа, царна тIе лоьраш ца кхачийтина хиларх.

Медикин пхи тоба еана хиллера орцах, амма зенаш хиллачарна тIе ца битина. Церан куьйгаш кисешца дIадихкина, цул тIаьхьа лоьрийн гIо кхаьчна аьлла, дIадерзийна цара, дийцина Багдасаряна.

Хулиганалла лелийна аьлла, лаьцна латточу кегийрхошна чохь яккха хан тIетохарх дийцарш дина Москохарчу кхелехь оршотдийнахь.

Кхи а шина баттана чохь буьтуш сацам тIеэцна кхелахоша. Лецначийн адвокаташ тешна бу, шина шарахь кхи цхьалхе а ца йоккхуш СИЗО-хь латто кегий нах, шайна тIе куьгаш хьочу хьоле балийна хиларх.

Маршо Радионо яздинера, Москох гIалин кхелехь, кхеташо дIайоьдуш а йолуш, ша-шен пхенаш хедийнарг ву 6-ннах 5 стаг. Вон лелла аьлла, лецна болу и нах 2015-чу шарахь дуьйна чубоьхкина латтош бу талламан изляторехь.

Талламхоша чIагIдарехь, и нах бехке беш бу «Тануки» ресторанна тIелатар дарна. И зулам деш цаьргахь хилла герз а (тапча а, арбалет а, карабин олу топп а, «Сайга» олу таллархойн тоьпаш а), бейсболан биташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG