ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадырова Iайшата 300 зезаг дахьийтина Уфарчу депутатна


Уфа гIалин кхеташонан депутатна Романчева Юлияна 300 бIе роза олучу зезагех курс яхьийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIа, «Фирдавс» Модан ЦIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата. Зезагашна юккъе таIийна кехатан юьхьиг ю «Баркалла хьуна, ахь дечу дикачу гIуллакхашна" аьлла, тIе а яздина. Инстаграмерчу шен агIонтIехь бина и хаам депутата Романчева Юлияс.

Кху аьхка дуьйна Нохчийчуьрчу 14 шо долчу иллиалархочун Алиев Юсупан видеоклип гинчул тIаьхьа, цунна тIехь Iуналла дан йолаеллера кху шарахь «Шеран меценат» аьлла, совгIат дина бизнесхо, депутат Романчева Юлия.

Цхьаболчара пиар-акци ю, шена Кадыровгара са лоьхуш лелаш ю иза бохуш, бехкаш дохкушшехь, ша долийнарг дIа ца тосуш, кест-кеста Нохчийчу а йоьдуш, Юсупан боллу доьзална тIехь дола деш схьайогIу Романчева.

Маршо Радионе еххачу интервьюхь дийцира цо, ша цIенчу даггара лелаш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG