ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIабаьхкинчу зударийн къинхетамбар дехна бакъонашларъярхоша


Шемарчу «Исламан пачхьалкх» тобан могIаршкахь хан а яьккхина юхабаьхкинчу зударшна хаа дезара, шаьш кхеле хIиттор дуйла аьлла ТАСС агенталле Оьрсийчоьнан президентехула йолчу юкъаралла кхиочу а, адамийн бакъонаш ларъечу а Кхеташонан хьалханчас Федотов Михаила. Шемара цIаеанчу пхеа зудчун хьокъехь Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхоша даийтинчу кехатах вистхуьлуш иштта жоп делла Федотовс.

"Оха терго латтор ю, кхеле хIиттийначу зударийн бакъонаш ларйойтуш, доьхур ду суьдхошка кхел нийсонца дIаяхьарал совнах, къинхетаме хилар а", - аьлла СПЧ-н куьйгалхочо.

Нохчийчуьрчу СПЧ-н декъашхочо Саратова Хедас хьалхо хаамбинера, нохчийн бакъонашларъярхоша берийн омбудсмене Кузнецова Анне а, СПЧ-н лидере Федотов Михаиле а орца дехна, Шемара цIабалийна Дагестанехь лаьцна латто зударий маьрша битарехь гIо-накъосталла доьхуш аьлла.

Саратовас бахарехь, Шемара цIайирзинчу 21 зудчух 5 лаьцна ю, 4 зуда СИЗО-хь латтош ю, ткъа цхьаъ шен цIера араялар дихкина шен хIусамехь ларъеш ю. Оцу массо а зударийн кегий бераш ду.

«Новая газетан» хаамашна тIе а тевжаш, Маршо Радионо яздира, Шемара цIабалийначу зударийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а, шайн бехк тIелоцуш, шайн лаамехь цIабаьхкинийла а тIечIагIдеш карара куьгазяздина документаш а цаьргара дIадаьхна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG