Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинера векал Цицулаев Рамзан Оьрсийчоьнан дозанехь къайлахчу сервисаша лаьцна аьлла, хаамбира Маршо Радионо, Росбалтан хаамашна тIе а тевжина.
"Украинская правда" газетано керла информаци йовзийтина оцу хиламех. Цицулаевн гонерчу хьостано дийциан газете.
Байначу беттан 6-чохь буьйсанна 10 сахьт доллучу хенахь Киеверчу «Казбек» ресторане автоматашца чувеанчу иттех стага, СБУ-н белхахой ду шаьш аьлла, лаьцна вигира Цицулаев. Цул тIаьхьа цуьнан гергарчарна иза кхи гина а вацара. Шина кIиранах стенгахь латтош ву а ца хоуьйтуш, хьулвина латтийра иза.
Цул тIаьхьа къаьстира, Брянск гIала иза дIавинигийла. Байна бутт юккъе баьллачу хенахь информаци кхечира «Матросская тишина» олучу набахтехь иза хиларх аьлла, дийцина газете Цицулаев вевзачо.
СБУ-н прсс-гIуллакххоша дийцарехь, Цицулаевс хаамаш гулбеш хилла Украинехьа бевлла тIемаш бечу нохчех.
Цул совнах, Кадыровн цIарна тIехьа а лечкъина, Украинехь бакъо йоцуш ваьхна а хилла.
Росбалтан хьасташа аьлла, Украинехь цхьаьннан некъ хадийна Цицулаевс, цундела шайна новкъара ваккхархьама Оьрсийчоьне дIавелла, аьлла.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ