Оьрсийчоьнан Iедалша бюджетерчу ахчанах латточу Russia Today (RT, Оьрсийчоь тахана) телекомпанера аккредитаци дIаяьккхина Iамеркан Конгрессехь. Цунах лаьцна кхаарийн сарахь хаам бина Ассошиэйтед Пресс агенталло.Иза тIечIагIбина Russia Today компанино шен сайта тIехь.
Конгрессан прессехула йолчу урхаллан векло Кэплэн Крейга бинчу хаамца, «кхечу пачхьалкхийн Iедалшна а, церан векалшна а» болх бечу нахана луш яц Конгрессехь аккредитацеш.
«Кхечу пачхьалкхара агент санна регистраци йинчул тIаьхьа Russia Today компанера дIаяьлла журналистийн аккредитаци яккха йолу бакъо»,- билгалдаьккхина цо.