ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна байт яьккхинчу йоIа ца йина суицид


Iалхан-Юьртарчу 17 шо долчу йоIа Асхабова Маккас ша шена тIе кьуг даьхьна аьлла, социалан машанехь яьржина информаци Нохчийчоьнан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца теллина. Бух болуш ца карийна даржийна хабарш. Ша ехачу эвлахь могуш, маьрша карийна прокуратуран белхахошна йоI.

Цул совнах, видеокхайкхам Iорабаьккхина оцу йоIа, ша дийна хилар хоуьйтуш. Иштта доьху цо бахархошка Кадыровга дIакхачор а ша яьккхина видео. Социалан машанашкахь Путин Владимирх лаьцна байт ешна аьлла, махкахоша ша сийсазъярх арз деш ю иза мехкан куьйгалхочуьнга.

Маршо Радионо яздира, бутт ца кхоччуш хьалха йохка йолийна IPhone X Кадыровна совгIатна а йохьуш, мехкан куьйгалхо волчу ярах нохчийн КВН тоба.

Шена деана совгIат кара а эцна, цо элира: "Тахана Оьрсийчоьнан Цхьааллин Де ду, вай президентах Путинах лаьцна тоьлла байт яьккхинчунна лур ю вай хIара", - аьлла.

Эзарнашкахь дахкийтина Путин хеставеш могIанаш, видеош, аьзнаш. Царалахь вара дуьненна а вевза охьатохархлатархо Емельяненко Александр а тIехь. Амма толам кхачийра 3-чу классехь доьшучу теркахочунна Ибахиева Хедина.

Ткъа байт ешна Асхабова Макка кхардаме а яьккхина, луларчу мехкашкара бахархоша а цхьана сийдайа долийра, цуьнан байт йоьшучу видеона юккъе киношчуьра кхардаме дакъош а далош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG