ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беляловна а, Маздаевна а хенаш кхайкхийна суьдо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Къилбаседа Кавказан гонан тIеман суьдо хенаш кхайкхийна Нохчийчуьрчу шина вахархочунна Белялов Рамзанна а, Маздаев Мохьмадна а. Цу шинна бехке диллинарг ду 1995-чу шарахь Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Буденовск гIалана тIелатар деш дакъалацар.

И зулам дарна бехкбиллархочо 15 шо тохар дехнера Беляловна, ткъа Маздаевна - 14,5.

Эххар суьдо Биляловна 15 шо, Маздаевна 13 шо хан кхайкхийна юккъерчу барамехь чIагIйина раж йолчу колонехь яккха.

Белялов а, Маздаев а бехке вина теракт ярна. Дисина бехкаш тIера даьхна цу шинна, дукха хан яьлла хиларна. Цул сов, эшам хиллачу нехан лазам ахчанца лахбан Беляловна гIуда тоьхна 300 эзар сом.

Белялов а, Маздаев а суьдо бинчу сацамна реза ца хилла. Цу хьокъехь суьдхочо дIахьедар дина, цу шинан латкъам бан бакъо ю, низамо ма бохху аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG