ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молха: оьцучунна - белхам, духкучунна - бахам


Кху шарахь Нохчийчохь Iедалан цIарах 10 аптека схьаелла Iалашо ю. Иза дIакхайкхина "Фарммедтехснаб" цIе йолчу Iедалан урхалло. Царах 5 Соьлж-гIалахь схьайоьллур ю, важа 5-кIошташкахь.

Iедалан аптекаш схьаеллар - дика гIуллакх лору юкъараллехь, амма нагахь санна, ша жIалийн нускалш санна яьржинчара духку дикалла йоцу молханаш цу чохь а хилахь, оьшуш хIума ца хета иза.

35 шо ду Хайдарова Белла аптекехь болх беш йолу. Хьалха Iедалан аптекаш хиларал сов, цига мел дохьу молха оццу Iедало чIогIа терго а, Iуналла а деш латтадора.

Тахана шайна а атта дац молханех диканиг къастадан, хьо дика зеделла говзанча вацахь, аьлла дийцира цо: "Молхах хьалха сингаттам ца хуьлура. Iедало талла а толлий схьадоуьйтура иза. ХIицна тхуна а иза къасто атта дац уллехь дикаллийн сертификат ца хилахь. Иза дацахь тешам бац. Цундела леррина цу тIехь болх бан беза. Схьаоьцу меттиг диканиг хила еза. Кхечара лелочун тIаьхьа а кхуьур вац".

Нохчийчохь эзарнаш ю апкеташ. Цхьа жима стол дIахIотто меттиг йолчохь а, духку молханаш. Дикка хан ю наха молханех шайна дарба ца хуьлу бохуш, аьрзанаш до.

Цундела, Iедало и гIуллакх шен куьйга кIел эцча гIоле хила мега аьлла дийцира унхочо Бетербиев Мовладис: "Аптекаш вайн цIахь елахь а, я Оьрсийчохь елахь а - бозбуанчалла хета-кх суна. Кху дуьненахь мел долу дIовш ду духкуш. Итт елахь а, Iедалан аптекаш хилча а, хьалха санна Iедалан монополи а йолуш дика хир дара.

ХIинца вайн цIера мел верг ХIирийн махкара молха оьцуш ву, кхиверг Дагестанера. Со а цхьа голаш лохуш вара. Суна а деана молха дара Ибупрофен. Иза мелча мелла а гIоле хилира суна. Ткъа вайн цIахь бежIу хилларг а, нехаш дIайохург а аптекарь хуьлу".

Нохчийчохь уггаре а коьрта молх антибиотик ду. Муьлахачу а хьелашкахь а яздо иза дукхачу лоьраша. Къаьсттина берашна лар а луш, дала мегаш дац иза, цо дегIан иммунитет лахйо дела, амма шайн барт болчу аптекашка хьовсабо нах, цигахь диканиг ду олий.

Оцу хIуманех шаьш ларлуш ду, дика молхий бен схьаоьцуш а дац шаьш аьлла дийцира Соьлж-ГIалара цхьана аптекан белхахочо Дудаева Сацитас: "Ас болх бен аптека "Грозфарм" ю. Цу чу богIучу дархоша олу-кх шуьгара эцначу молхано гIоле йо шайна".

Аптекехь духку молханийн дикаллех лаьцна юкъараллехь дийцина а ца Iаш, юмористаша а айдина и гIуллакх. "Хьапар-чупар" олучу скетчкоман цхьана роликехь аптеки чуваханчу цомгушчунна цхьа мор боьттина молханаш хьалхадуьллу духкучо. - Кхарех пайда хир буй суна, - аьлла хаьттича, - хьуна-м ца хаа, суна-м хилла: кIантана ши биргIа йолу Камри эцна, Минуткехь тIекIал цIенош а дина, - аьлла, жоп делира фармацевто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG